ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко а, Евроберто а кредиташ делла Украинина


Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа 2 миллиард доллар барамехь кредит лур ду Украинина, кху шарахь социалан хьашташна ахча дайа Киевна гIо дар Iалашонца. Цу хьокъехь болчу бертана тIе куьйгаш таIийна Киевехь Украинин а, Iамеркин а финансийн министрша Яресько Наталияс а, Лью Джейкоба а. И церемони чекхяьлча Льюс элира Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю оьшуш меттиг хилахь Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш шоръян аьлла.

Хьалхо, кху баттахь, Евроберто кредит делира Украинина 1 миллиард 800 миллион евро барамехь. Шинарин дийнахь Iамеркин президенто Обама Барака а, Германин канцлеро Меркел Ангелас а телефонехула дийцаре дира Украинина финансашца гIо дарх лаьцна долу хаттар.

Царшимма шаьшшиъ саготта хилар хаийтира Украинин малхбалехь адамашна ницкъ бар аслам даларца. КIайчу ЦIийно бинчу хаамца, Обама а, Меркел а реза хилира Украинехь сепаратисташна гIо дарна жоьпаллехь хила езаш ю Оьрсийчоь бохучунна.

XS
SM
MD
LG