ТIекхочийла долу линкаш

Керла кхерамаш тесна закъалтхой латточу "Исламан пачхьалкх" тобано


Японерчу журналисто Гото Кэндзис дуьйца аьлла, аудио кехат иентрнетехь гучудаьккхина иза закъалтана лаьцна латточу «Исламан пачхьалкх» олучу тобано. Цу тIехь ингалс маттахь журналисто хаам бо, нагахь Еарин сарахь Ришави Саджида туркойн дозане а ялийна хийца кечйина ца хилахь, тIемалоша Урданера пилот Касасби Моаз вуьйр ву шаьш боху аьлла.

Ришави чуйоьллина ю 2005-чу шарахь, 60 стаг а вуьйш, Амманехь терроран эккхийтар дар бахьана долуш. Дечкен-беттан 25-чу дийнахь «Исламан пачхьалкх» тобано дIахьедар дира Японера шолгIа закъалтхо Юкава Харуну вийна шаьш аьлла. Хьалхо тIемалоша Юкавах а, Готох а дехнера 200 миллион доллар. Цкъачунна кхеташ дац Японера журналист а хийца дагахь бу тIемалой Ришавих, я бац.

XS
SM
MD
LG