ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керрина гIуда тоьхна Бостон гIаларчу Iедалша


Iамеркин Пачхьалкхан секретарана Керри Джонна гIуда тоьхна 50 доллар барамехь. Цунна бехке диллинарг ду цо шен Бостонерчу цIийна хьалхара ло дIацадаккхар. ГIалан администрацин векло бинчу хаамца, Керрис гергарчу хенахь токхур долуш ду шена тоьхна гIуда.

Цо дийцарехь, Бикон-Хилл олучу кIоштахь долчу Керрин цIийна хьалхара ло дIадаьккхина Еарин дийнахь, гIуда тоьхна дукха хан яляле. Полицино динчу дIахьедарца, гIуда тоьхна волчу Iедалан белхахочунна хууш ца хилла и хIусам Iамеркин Пачхьалкхан секретаран юй. Керрис шен кетара ло дIадаьккхина цахиларх лаьцна хаам бинарш бу цуьнан лулахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG