ТIекхочийла долу линкаш

ТIемаш бу боьлхуш Дебальцевохь


Украинехь тIемаш бу дIабоьлхуш Донецкана гена йоцуш йолчу Дебальцево олучу гIалана гонаха. Украинин эскархой а, оьрсийн сепаратисташ а яккхийн тоьпаш етташ бу вовшен позицешна. Цунах лаьцна ПIераскана Iуьйринна Фейсбукехь йолчу шен агIонна тIехь хаам бина «Информацица дуьхьало яр» цIе йолчу тобан куьйгалхочо Тымчук Дмитрийс. Украинин эскаран векло Матюхин Леонида харц бина Дебальцевона го бина боху хаам.

И гIала гоне лаьцна шаьш аьлла хьалхо хаам бинера Донецкерчу сепаратистийн хьалханчо Захарченко Александра. Украинин Iедалан векалша дIахьедар дина Дебальцево гIалана гонах хIоьттинарг луьра хьал ду аьлла. Дебальцево дIалаьцна бохург харц дина Донецкан областан Украинин милицин куьйгалхочуьнан когаметто Кива Ильяс а. Цо дийцарехь, Дебальцевона Iуналла деш бу Украинин эскархой. Кивас бинчу хаамца, Углегорск гIалахь тIемаш бу дIабоьлуш. Цигахь ах гIала дIалаьцна сепаратисташа.

XS
SM
MD
LG