ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто санкцеш дIацаяхарна реза яц Оьрсийчоь


Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш Евроберто кхин дIа а йитар юкъаметтигаш шога яхаран курс дIаяхьар ду аьлла дIахьедар дина Москохо. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехь леррина комментари ю цу хьокъехь йина. Санкцеш шен Iалашоне кхочур яц, цара зе до халкъашна а, пачхьалкхийн экономикашна а аьлла ду цу тIехь.
Еарин дийнахь Брюсселехь цхьаьнакхеттачу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрша барт бира кхин а 6 баттана йита Оьрсийчоьнна дуьхьал шаьш кхайкхийна йолу санкцеш. Цуьнца цхьана Евроберто дийцаре деш ду уьш шоръярца доьзна хаттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG