ТIекхочийла долу линкаш

Венехь тасадаларш хилла дуьхьалонан акцехь


Австрин Маршонан партино хIора шарахь еш йолу бал хиларна дуьхьал демонстраци дIахьош тасадаларш хилла Венехь Шоьтан сарахь. Полицино бинчу хаамца, лаххара 2 стаг лазийна ву.

Царах цхьаъ кхерамазаллин сервисан белхахо ву. Полицино лаьцна дуьхьалонан акцин 38 декъашхо. Демонстраецехь дакъалоцуш вара 5 эзар гергга стаг. Цара бехке йора Маршонан парти ксенофобина пропаганда ярна.

XS
SM
MD
LG