ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаххара а 15 стаг вийна Украинехь


Лаххара а 15 стаг вийна Украинехь кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий сепаратисташца хиллачу тIемантасадаларшкахь. 33 чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бина Киевехь журналисташна хьалха вист хуьлуш Украинин армин бюйранчаллан векло Лысенко Андрейс.

Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векло Аброськин Вячеслава бинчу хаамца, Донецкан махкахь йолчу Дебальцево гIалахь кхо маьрша вахархой вийна оьрсийн сеператисташа яккхийн тоьпаш еттар бахьана долуш. Кху тIаьхьтарчу кхаа дийнахь Дебальцево гIалара а, цунна гонах йолчу ярташкара а араваьккхина лаххара а цхьа эзар стаг. Украинин орцаллин министраллан векалша дийцарехь, цу гIалахь ток яц, зIе а яц, хи а дац, хIусамашка луш йовхо а яц.

ХIора дийнахь Дебальцево гуманистаран гIо кхоьхьуш бу орцаллин министраллан белхахой. Украинин тIеман министро Полторак Степана дIахьедар дина, сепаратисташ Iуналла деш ю цу гIалан цхьайолу кIошташ аьлла. Амма цо харц до Украинин эскархой гонехь бу бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG