ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 эзар герзахо лаха воллу сепаратист Захарченко


Оьрсийчоьнехьа болчу Украинан малхбалерчу сепаратистийн хьалханчех цхьамма, «Донецкан Республика» шех олучу низамехь йоцчу тIеман тобанан куьйгалхочо Захарченко Александра ша бIе эзар герзахо вовшахтухур ву Украинана дуьхьал тIом бан, аьлла, дIахьедина оршотдийнахь. И болх боло а, берзо а шаьш 10 дийнахь кхуьур ду, бохура Захарченкос. «Уьш шайн лаамехь гуллур бу тхо долчу, кхидIадерг хено гойтур ду, аьлла цо.

100 эзар эскархочух кестта шайн мехкан тIеман ницкъаш совбаха сацамбира бахначу баттахь Украинан Радин депутаташа а. ТIемаш марсабевлла Донбассехь кхушара, къаьсттина дахначу кIиранах. Сепаратисташ юьззина шайн долаерзо лерина бу Донецкан а, Луганскан а кIошташ. Цкъачунна дIалацаелларг ю Мариуполь гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG