ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран набахтера араваьлла журналист Грест Питер


Мисарара кеманца дIавахана оршотдийнахь Ал-Джазира телехьожийлан репортер Грест Питер, ша мисархоша набахтера мукъаваккхарца.

Шо а сов хьалха лецира иза а, цуьнан ши белхан накъост ФахIми Мухьаммад а, Мохьаммад БахIер а, харц хаамаш баржорна бехке а вина. Австралин вахархо Грест бен вац цкъачунна набахтера араваьлла. Ша важа шиъ а мукъваккхалц сагатдийр ду, аьлла, дIахьедина Ал-Джазира телехьожийло.

Мисаран а, Канадин а шалха махкалла долу ФахIми а, Грест а 7 шарна набахте хьажийра Мисаран Iедало. Итт шо токхуш ву Мохьаммад. Бехкедиллира кхаанна а 2013-чу шарахь Мисарахь зуламе лоручу «Бусулба Вежарий» тобанна тIекарлояр. Бехк тIе ца эцнера кхааннах цхьаммо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG