ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Мунаев Iиса Украинехь кхелхарх лаьцна хаамаш баьржина


Украинан официало тIечIагбаза буьсучу хаамца, вийна Дудаев ЖовхIаран цIарх дуьненаюкъара батальон а кхоьллина, Донбассерчу сепаратисташна дуьхьаллаьтташ хилла нохчийн инарла Мунаев Iийса.

Цуьнан кхалхар нисделла, Фейсбукехь Украинан а, нохчийн а бIахоша бечу хаамца, Донецкана гергарчу Дебальцево гIалина гергагIертачу сепаратисташца тIом беш. Цкъачунна хаам бакъбеш, я харбеш д1ахьедар дина дац Украинан Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG