ТIекхочийла долу линкаш

Сталина а ца баьхна, воIана окхуш, да-нана хьийзаде...


Нохчийчоь - Iедало нехан дагийначу цIенойх цхьаъ, Янди-кIотар, ГIуран-бутт, 2014

Нохчийчоь - Iедало нехан дагийначу цIенойх цхьаъ, Янди-кIотар, ГIуран-бутт, 2014

Дас воIах, воIа дех жоп ца ло баьхна къизаллин да дуьнено а лоручу Сталин Иосифа. Амма иза а харц веш, шагделла Нохчийчуьра Iедал, аьлча а, Кремло магийна цунна шагдала. Муха долуьйту гергарчаьрга гергарчех бехктакхакмаллехь жоп?

Нохчийн юкъараллин кхерамазалла лакхаяккхарна тIехьажийна а, кегийрхой а, кхиазхой а гIиллакхе, оьзда кхетош-кхио а, вочу некъах уьш ларбан а Iалашонца, тIаьхьалонна зайлаш бетташ, каде гIулчаш яха йолийна махкахь. Массо ярташкахь, гIаланашкахь леррина кхоьллина тобанаш ю. Церан декъашхой бу къаной а, депутаташ а, кхиболу лераме нах а. Шайна билгалдинчу урамашкахула чекх а буьйлуш, цара дайшка я наношка куьйгаш яздойту,хьалххехь зорба а тоьхна кечдинчу извещени олучу кехат тIе.

Цуьнан чулацам хIара бу: «Мехкан куьйгалхочо № 01-02 15.01.2015 шарахь биначу сацаман бух тIехь кхоьллинчу къанойн кхеташоно хьоьга дIахоуьйту доьзалан да хиларе терра хьо хьайн берашна жоьпалле хилар. Нагахь уьш муьлххачу а терроризмана, экстремизна, я харц идеологина ваххабизмана, хабашизмана тIаьхьабозуш а, я наркотикех а, психотропан молханех бозабелла лелахь царах жоп дала дезар ду. Кху извешенин чулацам бовзийтина.»

ТIаккха шозза куьйгаш яздо комиссин декъашхоша а, жоьпаллин дукъ тIелаьцначу дас а. Расписка аьлла долу извещени цхьа дакъа тоьшаллина санна цара шайца дIахьо, шолгIаниг куьг яздинчуьнгахь дуьтуш ду. Куьйгаш яздойтуш леллачу тобанан декъашхо хилла ву соьца къамел деш волу Старопромысел кIоштера Ширван аьлла шен цIе яьккхина вахархо.

Ширван: «Амал дацарна куьйгаш-м яздо наха. ЛартIа доцуш гIулккха-м ду иза. Цхьанхьа доцург ду-кх. Бусалба пачхьалкхашкахь а дац, светски пачхьалкхашкахь а дац кху Нохчийчохь дерг. Тхо чекхдевлчохь куьг ца яздан хIуттуш стагга-м вацара. Цул тIаьхьа хIинца цхьаъ нислахь и нах хьийзор бу-кх Iедалехь болчара».

И керла юкъадалор массара а цхьабосса кхетадо бохург аьттехьа дац а. Цхьаболчара иза ца оьшуш, совнаха а бахархошна тIеIаткъам бан, церан ладегIам дебо лело хIума лору. Цу кепара хьажам берш бакълена а кхоьруш бу доьзал бахьнехь Iедало дай-наной хьийзорна. Цундела, и кхерам бахьана долуш ца яздина, схьахетарехь, цхьаболчара шайн берех жоп ло аьлла куьйгаш.

И куьг яздан дуьхьало йинчех ву Новр кIоштера Iумар а. «Оьрсийчоьнан низамо магош дац, бертахь а, бертаза а дайшка, наношка берашна жоп дала декхарийла беш, куьйгаш яздайтар. Кхана Iуьйрана цаьргара цхьаъ далахь цара лан даккха санна хьийзар ма бу миска нах. Совнаха а нехан коча эха, адамийн самалха ца далийта, лелош хIумнаш ду. Кху чохь долу хIара ирча хьал шайна ца девзаш санна Iаш бу Оьрсийчоьнан куьйгалхой а, кхера массо хIума чекх а долуьйтуш. Ишта къамел дира гергарниш декхарийла беш куьйгаш яздайтарх Новр кIоштерчу 60- шо долчу Iумарс.

Муьлхха а некъ юьхьарлаьцна а кегийнарш гал ца бовлийта, лартIа бало гIерта Iедалехь берш аьлла хьажам берш а бу нохчашлахь дукха бацахь а. Царех ю Шелан кIоштера Байсет а.

Байсет: «Куьйгаш яздайтаран цхьа агIо хилла ца Iа. Цкъадолчунна цхьа гIулч ца яьккхича а ца бевлла арабевлла хета суна Iедалехь берш. ХIунда. Да, ваша, нана жоьпе озош хилча мукъане а цхьажимма ойла а йина, юхабевр бац техьа и харц новкъа бевлларш аьлла а хета. Хаза нехан санна боккха сингаттам ма бу иза. ХIинцца цхьа кIира долуш хезна-кх ши йоI цIа ца еъна,Iуьйранна деша йоьду аьлла дIаяханчуьра.

Шема пачхьалкхе яхана хила мега бохуш хабарш а ду дуьйцуш. Зудабераш дIаэха доьлла-кх. Эрчо ма ю иза. Зудаберо мичахь хIун нисдийр ду. И куьйгаш яздайтарна резабоцурш а дера бу. Цунах бахьна а дина, Iедало шайна ницкъ барна кхоьруш берш а бу».

Дайшка,наношка куьйгаш яздайтар нийса дуй, даций бохуш, резабоцурш алсама а болуш шайна-шайна массара а деш къамелаш а долуш, тIетаьIIа дIахьуш ду Нохчийчохь цIерачаьрга куьйгаш яздайтар. Дукхахболчеран сагатдийриг ду кхидIа хIун хир ду те боху хаттар. Масала, куьгъяздинчул тIаьхьа кIантера я йоьIера цхьаъ далахь, хIун тIеIаткъам, я таIзар дан лоьруш ду те Iедал?

XS
SM
MD
LG