ТIекхочийла долу линкаш

Шпион «еш ю» Вязмерчу 7 беран ненах


Москохна 250 чаккхарма юстахарчу Вязма-гIалахь, шен корашна кIел лаьттачу тIеман декъера, Донбассе салтий хьийсош санна хета шена, аьлла, Украинан Оьрсийчуьрчу векалте телефон тоьхна аьлла, жоьпе озийна оьрсийн зуда Давыдова Светлана кхелехь юхаяьлла шегара юьхьанца даьхначу тоьшаллех. Ишта, ца оьшу шена, аьлла, кхайкхийна цо Iедало кхачош волу адвокат а. И хаам баржийна Давыдовас ша-шеггара лаьцначу адвоката Павлов Ивана.

Шпион ю, аьлла лаьцна, кечъе кхел йина яллалц Лефортово-набахтехь кхобуш ю 7 беран нана. 20 шо хан тоха тарло цунна, шпионалла кхело тIедожадахь.

XS
SM
MD
LG