ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохна а, Киевна а юкъара конфликт ерзо арабевлла пачхьалкхийн лидерш


Еарийдийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочо Керри Джона дIахьедина, Кремло хане а ца тоьттуш, сихха юхадаха деза Украинера шен эскарш, сацо деза Донбассерчу сепатаристашна герзан кхачо латтор, иза декхаре ю ша бахьанехь Украинан Iедална ца къарлушболу ницкъаш машаре озо, аьлла.

Украинехь 5, 5 эзар вахархо тIамо верна бехке Оьрсийчоь ю, элира Киеве веъначу Керри Джона. Оццу маьIнехь дара цуьнца цхьаьна Украине баьхкинчу Францин, Германин куьйгалхоша бохург а. Кхааммо а бохура, Оьрсийчоьно талхадо пачхьалкхан дозанех долу дуьненаюкъара низам.

Украинера кризис ерзош, дуьненна юьхьарлаца цхьа некъ бен бац, элира Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан лидеро Керри Джона: Оьрсийчоьнна изоляци яр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG