ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиев Мохьмад лаьцна кхобу Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалахь лаьцна, ИВС-1 олучу набахтехь латтош ву гIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад, хаамбина цуьнан адвоката Ибриева Хедас еарийн сарахь. Массех де хьалха Хазбиев а, цуьнан доьзалхой а нехан машен ядорна бехке бу, аьлла, даржийра ГIалгIайчоьнан полицино.

Ткъа Хазбиевс цунна бухахь политика бен, кхин хIумма а дац, бохура. ГIалгIайчоьнан Халкъан Маршонан партин лидер волу иза Соьлж-ГIалахь 48 сахьатана, бехк таллалц аьлла, лаьцна, хаамбо цуьнан адвоката.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG