ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нехан тIаме дIаьоьху нохчий


Шеман -- Махкарчу тIеман сурт
Шеман -- Махкарчу тIеман сурт

Лазаме ду Нохчийчоьнан дукхахболчу бахархошна ишта а тIемийн къахь лайначу шайлара нах дуьненан масийтта маьIIехь лаьттачу тIемашка дакъалаца дIаэхар. Бухарчу а гонахарчу а Iедалша, гонаша шайн лаамаш кхочушбечохь Iехабеш юкъаийзабо тIемашбан Iаьмна болу уьш.

Дукха ахкаме дийла а ца гIерташ, кIарг а ца луш,тIехула зераш даро а гойту карарчу хенахь тIеман агIончаш а хилла хьаннашка лесташ берш а, бусалбан дин толийта, гIазотехь бала бохуш къайлах-къулах махках буьйлуш берш а, тIом гина а, лайна а, цуьнан кIуьрлахь кхиъна а кегийрхой хилар.

Цунна даре до массо тIегIан бакъонашларьярхоша а, тергамхоша а, вер-ваккхарца доьзначу Iаткъамечу терахьаша а. Вуьшта аьлчи тIамца доьзна Iожалле боьрзуш болчу кIентех иттанна юкъахь лаххаре а 9 стаг I8 тIера 24-25 шераш бен доцу кегийрхой бу. Уьш кху чуьра дуьйна ара, бен-бечу тIемашка хIиттар а кхетадо бахархоша тайп-тайпана.

Шина а агIор вовшахлеташ, декъий охьадохкуш, бусалбан нах боллушехь, шатайпа туьду цхьаболчара генарчу Шемара тIом.КIезиг бац бусалбан дин толийтар санна Iаьрбийн пачхьалкхехь цIий Iенор кхетош берш а. Иштачех ву вевзаш волу Соьлжа-гIалара тергамча Муртаз а.

Муртаз: «Бусалба дин кийра а доьлла, цигахь даьккхича бен дац гIазот аьлла боьлхуш болу кIентий, суна царна таIзар дан догIу аьлла ца хета. Уьш Оьрсийчоьнна а я кхечарна а новкъарло ян ца боьлху, уьш шайн динан толамна боьлхуш бу».

Шемарчу тIеман хьокъехь вистхиллачу Муртаза чIагIдарца, Нохчийчуьра хьал ма-дарра девзаш ду Кремлахь. Цхьаболчу бакъонашларьярхоша хетарехь Москва пурбанца беш бу меттигерчу Iедало низамаца догIуш а, ца догIуш бахархошна тIеIаткъам. И тIеIаткъам бахьнехь гуттар а ладегIамехь бехаш бу мохк, И хьажам-хетарг мел бух болуш лору ахь аьлча, Муртаза элира.

Муртаз: «ЛадоьгIу-уш Iойла ду-кха, нагахь санна шадерг дIа а нисделла,низамца Iедал а долуш, хьал дIа ца хIоттахь. Iедале а баьхкина, къуй хилла,кху пачхьалкхан рицкъ лечкъош болчу нехан гIуллакхаш ледара хир ду-кха и тIеIаткъам дIабаьлча. И шайн гучу ца далийта,кхиндIа а шайна лечкъо, цигара дуьйна охьа ду аьлла хета-кх суна дерриге а».

Низам, къепе латто а, юкъараллин а, хIора вахархочо а кхерамазалла ларьян а декхарийла йолу ,прокуратура биста кхаччалц, хьукхмат –урхаллаш къора а, бIаьрзе а хилла,Iедалехь болчара шайна ма-тов низамаш тидаран а, дахаре дерзоран а, шайн лаам-хетаре хьаьжжа керла-керла хIумнаш юкъадахаран а лакхе лору кхузахь тIемалойн гергарчийн хIусамаш ягор а, охьаатар а, чуьра гергарниш махках бахар а.

Хьаннашка лестачийн могIанаш луьста дахаран тоьшаллаш дукха ду. БIаьрзечунна ган а гуш, мел нийса доцуш , низамаца бIоста нислуш доллушехь, муьлххачу цIармата хIуманна а «хIаъ» бохуш Iаш лору бахархоша изза прокуратура а.

Цунна тоьшалла ду цу низаман урхалло цIенош дохор хьокъехь, бакъонашларьярхошна жоп луш, Iорабаьккхина хаам. Мехкан куьйгалхочо тIемалойн гергарниш жоьпалле бу бохуш, динчу дIахьедарх прокуратуро делла жоп герггарчу барамехь ишта ду: «Билгалдаьккхина,хаамийн гIирсаша, хIара и аьлла бохуш, гIарбохучу хаамашкахь , ишта я вуьшта зуламаш даре боьхуш кхайкхамаш бац.

Цигахь Iораяьхна шеконаш ю, тIемалоша зенаш динчарна а, церан гергарчарна а юкъахь догазаллаш,Iотта-баккхаме юкъаметтигаш хила тарло аьлла». Порокуратуро деллачу жоьпане даррехь реза вац,Нохчийчохь хIусамаш хIаллакьяр дуьххьала нахала даьккхина Каляпин Игорь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG