ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урдунан кеманаш ду ИГИШах леташ


Шен кеманаша «Исламан Пачхьалкх» тобанна тохарш дан долор – иза хIаваъхо Касабехь Моаз дийна воллушехь вагорна бечу бекхаман юьхьиг бен а яц, аьлла, дIахьедина Урдуно.

Еарийдийнахь ИГИШ-эскарш Iамочу а, герзаш чохь латточу а базанашна тохарш дина шайн кеманаша, аьлла, хаамбина Си-Эн-Энехула Урдунан арахьарчу гIуллакхийн министра ДжуддехI Насера. Шаьш шайн мел болу ницкъ боккхуш бу мостагIашна дуьхьал, бохура цо.

Бутт гергга хьалха, кема доьхча, каравахана пилот Касабехь вагийна деношкахь «Исламан Пачхьалкхо». ОьгIазбахана урдунхой Iамманан майданашка бевлира Iедале бекхамбар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG