ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIаларчу некъахьовзамна бехке автобусан да во


Соьлж-ГIалахь пIераскандийнахь некъан хьовзамехь10 стаг лазорна бехке и нах буьгуш хилла жимчу автобусан да, иза лелорхо ву, хаамбина Нохчийчоьнан полицин пресс-гIоьнчалло.

Лазийнарш дIакхачийначу 9-гIачу дарбан цIийно билгалдаьккхина, церан кортош, догIмийн кхин межеш лазийна хилар. Машенлелорхо гал а ваьлла, Шериповн урамехь серлонан бIогIамах дIакхетта, хаамбо полицино.

XS
SM
MD
LG