ТIекхочийла долу линкаш

Путинца барт ца карийна Европан лидершна


Германин канцлера Меркел Ангелас, хьалха а санна бодане ду Украинехь машар хир бу бохург, аьлла, дIахьедина шен а, Францин президентан Олланд Франсуан а Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Путин Владимирца Москох къамел хиллачул тIаьхьа.

Нагахь санна дипломати кIелйисина меттиг ягIахь, Кремланний, Малхбаленанний юкъаметтигаш урхалла а ца далоче евр ю, элира Меркела шоьтадийнахь Мюнхенерчу кхерамзалла йийцаре ечу конференцехь. «Европан лидерех цхьа а вац Оьрсийчоьнна дуьхьал, тхо кхерамзалла меттахIотто гIерта, Европа ца йохийта гIерта» - бохура Германин канцлера.

Еарийн дийнахь Украинан а, пIераскандийнахь Оьрсийчоьнан а куьйгалхошца машар бийцаребан дахана дара Германин а, Францин а ши куьйгалхо. Путине цара шайна гушболу некъ кховдийна, амма барт ца карийна, Меркел Ангелас бахарехь.

XS
SM
MD
LG