ТIекхочийла долу линкаш

Хазбиев Мохьмад лаьцначуьра аравалийтина


Нохчийчоьнан полицино дIахецна ша ши де хьалха лаьцна латтош хилла гIалгIайн Халкъан Маршонан партин лидер, Iедална шерашкахь оппозицехь волу Хазбиев Мохьмад. Массех де хьалха Соьлж-ГIалахь бевзаш боцчара тапча йиттира цуьнан машенах, амма иза тIе ца кхеташ висира, цо ша динчу дIахьедарца.

Ткъа кхин кхо де даьлча лецира нохчийн коьртачу шахьарахь. Iедало муьлхха а бахаьанаш дуьйцур ду, амма буха диллинарг политикан бахьана ду, элира журналисташка шоьтадийнахь Хазбиевн адвоката Ибриева Хедас.

XS
SM
MD
LG