ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цкъа байтанча, кхузза - философ


Нохчийн лаьмнаш
Нохчийн лаьмнаш

Нохчийн яздархойн, байтанчийн – кхечу кепехь аьлча, нохчийн литература тергонехь латтайо шен Маршо Радионо а. РогIехь дийца лаьа тхуна поэтах Цуруев Шарипах лаьцна.

Нохчийн поэт, прозаик Цуруев Шарип
Нохчийн поэт, прозаик Цуруев Шарип

​Кху муьрехь зорбанан хаамийн гIирсашкахь къоьлла йоцуш винчу денца декъалвина байтанча Цуруев Шарип. Цо юкъараллин дахарехь юьту беркате ларш, цуьнан Iедалан балхахь жигара хьийзар, цунна дина совгIаташ, елла орденаш,мидалш тидамза а йитна, суна дийца лаьа исбаьхьаллин дешан говзанчах Цуруев Шарипах, цуьнан байталлех.

Масийтта шо хьалха журналистан хеттаршна жоп луш Шарипан гIортор йина ойла-хьажам балабо ас:

«МогIарерчу нохчочун вахаран маьIна – иза маршо ю. Философан кIорггерчу маьIнехь стаг маршонах ваккха йиш яц. Цхьана ницкъе далур дац иза. Харжам даима а цу стагехь шегахь бу. И маьрша ву я вац цунах шех доьзна ду.

Ас массо хена, мичча хьелашкахь маршо хоржу. Кхерамо,ахчано,хьал-тароно новкъарло ян тарло маршоне кхача. Амма сан адам санна а, нохчо, яздархо санна а сайн юьхь ларьян декхарийла ву, сайн «со», сан сайн маршонах тила йиш яц….»

Доцца далийча, герггарчу барамехь ишта дара Шарипан делла жоп.

Со тешна ву и ойла-хьажам тахана а Цуруев Шарипан къилба ду аьлла. Мухха делахь а шен байталлехь гомхе хIун ю ца хууш, исбаьхьаллин дош лепош, дешархочун ойла «карзахъяккхар» дебош, схьавогIу и говза байтанча. Цуьнан синхааман турпалхочунна деза а, мехала а ду, шен халкъан цхьа жима цIинцIалг-дакъа, «чамхалг», «мерцхалг», «суй» ша хиларе терра вайнахах мел дозаделларг. Къаьсттина и суждане оьхург, цу лераме дозалла дийриг бу къомах къам деш болу ненан мотт.

Акха яр санна, и ца баьлла бацалахь, Боьжна бац стиглара,эцна бац базарахь,

Цхьанггера юхалург баьккхина бацара- Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.

Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш, Нохчийн мотт гуттар а сан оьзда дозалла,

Iожаллин цамгаро дIалаьцна меттахь Iаш, Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина, Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна.

Цу матто,- уггаре гергарчу сан сина- Сан генахь цхьа висча дог-ойла айина.

Цуруев Шарипан турпалхочунна мехалчех мехала,сийлахьчех сийлахьа, ненан мотт санна лераме жовхIарш ду , цу доза доцуш безам кхобу Даймохк а, да-нана а… Нохчийн амалехь догIуш ма-хиллара дега безам хьуламехь а латтош, цо даге лазаме ов доьттуьйтуш ялхайо шен ненах хьирчина хьоме.мерза ойланаш:

Баба, со-м тезетахь латта ма-веззара лаьттира хьуна,

Цу Деле гIо доьхуш,собарах доьхна дог хьулдан…

Амма дIадирзича,хьо юьжуш хиллачу вахна,

Маьхьарца делха а маршо ас елира дагна,баба,сан баба…

Винчу нене шен доза доцу безам балхош, хIоразза а шатайпа а, керла а караво Шарипан турпалхо.

Нана,нана. Кху дуьненахь хьол а мерза хIума дац,

Со сайн декхар текхна цкъа а вер ма вац,

Нана,нана. Доьху хьоьга: суна дукха яхалахь…

Вижа лахьта дац ма боху, хьо къинтIера ца ялахь…

Байтанчо юьхьарлаьцна муьлхха тема а ястарехь цхьа забар еш санна и кхиаме кхочий те аьлла а хета цкъадолчунна. И муха ларало техьа аьлла хаттар а хIоттийна ахкаме ваьлча, ша-шаха санна карадо жоп а: цуьнан синхааман турпалхо дахарехь вахчавелла, и дахар девзаш, цуьнан къайленех кхиа а, уьш яста а гIерташ схьавогIуш стаг хилар, лехамехь юьхьша хилар.

Ас хьуна урдона ехкина хинйолу буьйсанаш.

ДIаэцна уьш хьайна, де царех луъуш дерг аьлла.

Ас хьуна томана- сатийсарх,гIайгIанах дуьйцина- Цхьа илли делира,безаман сурт ду и аьлла.

Хьо хIинца дIаяхна, дIахьош мел хинйолу буьйсанаш.

Хьан дакъаз маяларг,бакъо ю,ас биллац бехк а.

Ахь илли дитина, гIайгIанах сатийсарх дуьйцина-

Наха луш ма-хиллара,там суна ахь юхабелла.

Цкъацкъа Шарипа яздина могIанаш доьшуш,олхазаро тIам тухучу юкъана санна, аьрха, дог айаме ойла летча:

"Гора ойла яI! Дуьне яI,муха йогIу те дала дезачу адамна сел кIорга, токхе ойланаш коьрте" :

Малх а дIахьуллур бу, бага мел лиънехь а,

Серлонца, йовхонца хIара дуьне кхаьбна.

Вай догIуш ваьш мича догIуш ду ца хиънехь а,

Ца хууш даций вай-м ваьш мича кхаьчна.

Мел яккхий марзонаш йоьрзуш ю къахьоне,

Синкъерам чекхболу юьтуш син гIайгIа.

Сурт схьагуш дацахь а дахарал тIаьхьадерг,

Ца хууш даций вай-м и къиза къайле.

Ягориг кхачийча,къуьданан милтанах

ГIелдели вайе чу ойланийн лепар…

Дуьненахь массо стаг и Iехо гIиртинехь,

Ца хууш даций вай-м цо массо левар.

Оццул чулацаме могIанаш дешца мохь-цIогIанца ала дог хуьлу:

- Шарип хIорда кIорге,Шарип ойланаш херцоран пхьар. Иза ястаза йисинчу ойланан къайле. Муьлххачу а дешнашца, басарш ца кхоош аьлчи а цуьнан хьокъехь тоаме а, аьттехьа а кхачаме а ца хетало. Бакъдерриг дийцича шарип байтанча волччуламма,шозза, кхузза, мел чолхе а ойланаш кего философ хетало.

Вуьшта аьлча, цкъа байтанча.кхузза философ. Чот яйша цуьнан синхааман турпалхочо луьттачу, луьстачу ойланийн, цу ойланашкахь корта хьере хиллал цуьнан кIаргваларан. Кхин дIа а ялайо ас изза «Ца хууш даций вай-м» цIе йолу байт.

Байтамал-хьакъ ма-дду да-нана цахьастар,

ГIо цадар цхьанна,дог Iабаза безам…

Ца лууш делахь а дуьненах дIакъастар,

Ца хууш даций вай-м цкъа къаста дезий.

Ойланаш хьаьъначохь дицдала лаахь а,

Ма дац-кха карзахчу синошна молха…

Билггала вай мича доьлху ца хаахь а,

Ца хууш даций вай-м ваьш цига доьлхий.

ХIетте а деха вай дерриге а хуъушехь,

ХIара дуьне даима лаарца даа.

Хуъушехь и вайха дуьсур дуй дуъушехь,

деха вай, деха вай ца лууш хаа.

Ас ишта эр дара Шарипах - Дала, Iаламо кIорга яста похIма делла Делера поэт-философ. Цуьнан дукхахйолу байташ,хиламаш кхиран сиз долуш,(сюжетах тера), цхьа жима дийцар, масех могIанехь кхоьллина поэма санна а ека.

Айми чохь,гу болчохь керчар ца лагIдеш,

Дикка гуо тийси сан дахаран чкъурго.

Сан даго-жимачу цу дилхан цуьрго -

Iаьршашка кхийдина ойланаш лахъеш,

Уьншарахь хьакхар ца хьаькхначух терра.

Цхьа ирча цIийзар цо долийна хIинца.

ХIун дер ду,хетарехь,ширбелла бера…

Ва амма,йиш ма яц новкъахь чкъург хийца,

Аьтто бац тоян а,цIан ца ло хаттах.

ТIедеа-кх со хIинццалц кхаьрдинарг нахах:

Деза сан тетта а, текхо а дахар…

Цу меха ду те и ?» ас хьаьнга хатта?

Iесачу шеконийн гулам а хилла,

И хаттар жоп доцуш дисна-кха латта…

«Керччачул карча чкъург, хир шена хирриг»,

Боху ас кху хьолехь, и ду-кха атта.

Цуруев Шарипан кхоллараллехь тамаше хеталуш дуккха тидамаш бу. Царех цхьаъ хIара а. Хьо ца кхеттал цхьа керла дош доццушехь цо хьо тIаьхьавазош йолу ойланийцн хьун а, лам а,анайист а, цуо хIотто сурт а- массо гене а, юххе а керла хетало.

Цу ойланах социйла а йина, поэтан йоккхачу байт юкъара масех ,юха а философан кIорге йосту ,могIа балош дерзадо ас сайн Цуруев Шарипан байталлех , цхьана готтачу гурахь дина къамел:

Дуьне дуьсур хилла-кх,Йиса тIаьхье йоцуш.

Цуьнан пусар хилла-кх,Чуьркан тIомал доцуш

Дитахь ас хIун дуьту? Дисахь сох хIун дуьсу?-

Сох ца кхетта дуьне, Со ца кхетта дуьне.

XS
SM
MD
LG