ТIекхочийла долу линкаш

ГIирмерчу гIезалойн рогIера жигархо лаьцна Симферополехь


ГIирмерчу Симферополан суьдо лаьцна меттигерчу гIезалойн жигархо Кантемиров Искандер. Цунна бехке дуьллуш ду стохка Чиллан-беттан 26-чу дийнахь ГIирман парламентан хьалха хиллачу къепедацаршкахь дакъалацар. Талламхоша дийцарехь, Кантемировс йиттина хилла масийтта стагана. Иза лаьцнера милцоша даханчу Шоьтан дийнахь.

Дечкен-беттан 29-чу дийнахь дуьйна лаьцна ву ГIирман Меджлисан куьйгалхочуьнан гIовс волу Чийгоз Ахтем. Цунна бехке дуьллург ду стохка Чиллан-беттан 26-чу дийнахь ГIирман парламентан хьалха хилла къепедацаршкахь вовшахтохар.

Талламхойн версица, цу дийнахь ГIирман автономин Лаккхарчу Радан гIишлонна хьалха хиллачу тасадаларшкахь вийна 2 стаг. Маршо Радионо стохка Чиллан-беттан 26-чу дийнахь хаам бира Симферополехь Украинин агIончашна а, дуьхьалончашна а юкъахь хиллачу тасадаларшкахь эшам хилла 30 стаг ву аьлла. ГIирмерчу гIезалойн жигархошна хетарехь, церан накъостий лацар политикан бух болуш ду.

XS
SM
MD
LG