ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алсам даьлла санкцеш кхайкхийначу нехан терахь


Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрша кхин а алсам Iедалхой юкъатоьхна Украинехь хуьлург бахьана долуш шаьш санкцеш кхайкхийначу нахана. Амма царна дуьхьал гIулчаш яхар, тIаьхьатеттина цхьана кIиранна.

Reuters агенталло Францин арахьарчу гIуллакхийн министрна Фабиус Лоранна тIе а тевжуш бинчу хаамца, иза доьзна ду маслаIат лохуш йохучу гIулчашна новкъарло ян цалаарца. Фабиуса дийцарехь, кхин дIа долу хьал доьзна хир ду Минскехь Францин а, Германин а, Украинин а, Оьрсийчоьнан а куьйгалхойн цхьанакхетаран жамIех.

Малхбузерчу лидерша бехке деш ду Оьрсийчоьнан Iедалш Украинин малхбалехь доьдуш долу дов марса даккхарна. Москохо иза тIецадуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG