ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь йохо гIерта Iамерка боху Патрушевс


Оьрсийчоь Украинерчу конфликтана юкъаозо гIерташ ю Цхьанатоьхна Штаташ аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан серкретаро Патрушев Николайс. Цуьнах лаьцна хаам бо ББС-но. Патрушевс дийцарехь, Iамерки Iалашо ю Оьрсийчура Iедал а хийцина, иза екъа.

Патрушевс чIагIдарехь, нагахь Iамерко Украинина герз лахь, Оьрсийчоьнан Iедалша дуьхьало йийр ю дипломатийн гIулчашца. Украино а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а бехке еш ю Оьрсийчоь Украинин малхбалехь тIемаш беш болчу оьрсийн сепаратисташна гIортор ярна. Оьрсийчоьнан Iедалша тIе цадуьту иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG