ТIекхочийла долу линкаш

Савченко кхин дIа а юьсуш ю набахтехь


Москох Басманан кIоштан кхело Стигалкъекъа-беттан 13-чу дийне кхаччалц дахдина Украинин эскархо Савченко Надежда набахтехь латтор. Цу зудчунна бехке дуьллуш дерг ду Оьрсийчура ши журналист вуьш дакъалацар. Савченкон адвокаташ дехар динера суьде иза набахтехь а ца латтош болу муьхха а сацам бахьана аьлла.

Цара дийцарехь, мацалла латтош йолу Савченко яла мегаш ю Стигалкъекъа-беттан 13-гIа де тIекхачале. Амма суьдхо тIетайра талламхоша дуьйцучунна. Царна хетарехь, нагахь Савченко набахтера араялийтахь иза къайлаяла мегаш ю. Савченко Надежда ПАСЕ-н декъашхо ю. Иза набахтехь латтор догIуш дац дуьненаюкъарчу низамашца.

XS
SM
MD
LG