ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митровицехь кхел кхуллуш маслаIат карийна косоварашна а, сербашна а


Брюсселехь, Евробертан векалша юкъарло а лелош, хиллачу дагадовларшкахь Сербин а, Корсовон а барт хилла къилбаседа Митровице олучу регионехь шина къоман векалех лаьтташ йолу кхел кхолла. Евробертан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комиссаро Могерини Федерикас бинчу хаамца, Шинарин дийнахь Косовон премьер-министран Мустафа Iийсан а, Сербин премьер-министран Вучич Александран а хиллачу дийцаршкахь аьтто баьлла маслаIат каро.

Митровицехь бехаш бу дукхах болу Косовора сербаш. Керла кхуллучу кхелехь болх беш хир ву 18 прокурор а (исс-исс хIора къомах), 14 албанхойх волу суьдхо а, 11 сербех волу суьдхо а. Митровицера кхелах лаьцна хаттар новкъарло еш дара Косовон а, Сербин а юкъаметтигаш тоярна. Косово йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийна 2008-чу шарахь. Сербино иза кхъобул ца до.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG