ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минскехь маслаIат лохур ду Донбассера тIом дIаберзош


Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а лидерш цхьаьнакхетта Беларусин коьртачу гIалахь Минскехь Украинехь йоьду конфликт дIаерзош некъаш лахар Iалашонца. Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана дийцарехь, иза тIаьххьара аьтто бу Украинехь машар хIоттош маслаIат карон. Минске ваха новкъаволуш Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина, цу дийцарийн ши жамI хила мега аьлла.

Церах цхьаъ машар карор ду, тIкъа важа ду тIом марса балар. Украина шина а вариантана кийча хила еза аьлла Порошенко Петрос. Шаьш машар безаш ду, амма мостагIчуьнан батт йохо эшахь, шаьш иза йохор ю шаьш элира Украинин президенто. Евробертан векалша далочу терахьашца, Украинин малхбалехь конфликт йолаелчхьана вийна 5400 гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG