ТIекхочийла долу линкаш

Украинина гIо дийр ду Дуьненаюкъарчу валютан фондо


Дуьненаюкъарчу валютан Фондо а, Украинин Iедалша а цкъачунна аьлла барт бина Украинин финансийн сектор кIелхьар йоккхуш керла план тIеэца. Цуьнан мах хир бу 17 миллиард ах миллиард доллар. Ткъа дерриг а дуьненаюкъарчу валютан фондо Украинин лур ду 40 миллиард доллар.

Цу финансин институтан куьйгалхочо Лагард Кристинас дIахьедар дина, Еарин дийнахь Киевехь болх беш йолчу шайн миссино барт бина Украинин Iедалшца деа шаранна лерина план тIеэца аьлла. Цо дийцарехь, и барт тIечIагIбан безаш бу Дуьненаюкъарчу валютан фондан директорийн кхеташоно. 40 миллиард доллар доцург майрра реформаш дIаяхьа Украинина кхин а ахча лур ду кхечу пачхьалкхаша а, финансийн институташа а аьлла хаам бина Лагарда.

Малхбузе Iаткъам беш ю Киевна цуьнга коррупцица кIийсам дIабахьийтар Iалашонца. Цул сов, Малхбузенна хетарехь, Украино шен финансийн система хийца еза, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташца мехкан малхбалехь дIахьош тIом бара аьлла ца Iаш.

XS
SM
MD
LG