ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассера хьал дIанисдан барт бина Минскехь


Донбассера конфликт дIадерзорах лаьцна деклараци тIеэцна Минскехь хиллачу дагадовларшкахь Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Францин а, Германин а куьйгалхоша. Цу кепара цара шаьш гIортор еш хилар гайтина Чиллан-беттан 12-чу дийнахь Минскерчу контактан тобано Донбассера хьал дIанисдеш дан дезарг дуьйцуш тIеэцначу бертана.

Цу документаца а догIуш, кху беттан 15-чу дийнахь дуьйна сацош ду герзаш деттар. Цул тIаьхьа юхадохуш ду деза герзаш. Цул сов, Украинин территорина тIера арадохуш ду кхечу пачхьалкхан эскарш (ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан эскар. Ткъа иштта дIахоьцуш бу шина а агIоно лаьцна латтош болу нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG