ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан бюджетера ахча кхоор ду ницкъаллин структураша


Бюджетера ахча дайар лахдар Iалашонца Оьрсийчоьнан министрийн кабинето тIедиллина низамашлардочу органашна алапаш лахдар а, 10 процент белхахой балхара дIабахар а.

Цунах лаьцна яздо «Коммерсант» газето. Цу органашна юкъайогIуш ю Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервис – ФСБ -- а. ФСБ-н векало газете бинчу хаамца, уггаре хьалха балхара дIабохур берш эпсарш бац, техникан сервисашкара белхахой бу.

Оьрсийчоьнан Инарлан прокуратура дагахь ю ахча кхоо, белхахой дIа а ца бохуш, церан алапаш лах а дина. Талламан комитето бюджетера ахча кхоор ду цхьацца эца лерина техника а, кхин дерг а цаоьцуш а дитина. Орцаллин министралла дагахь ю пенсе баха хан йолу белхахой дIабаха.

Ткъа хIун дан дагахь ю Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла хууш дац.

XS
SM
MD
LG