ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанехь 19 стаг вийна шиIатийн маьждигехь


ШиIатийн маьждигана тIелатар дина Пакистанехь Пешевар гIалахь. И бахьана долуш 19 стаг вийна, иттаннаш чевнаш йина бу. Полицино бинчу хаамца, Хайатабад олучу кIоштахь долчу маьждигана чу а иккхина масатоьпаш йиттина веа стага. Цул тIаьхьа цара лелхийтарш дина цу чохь. И тIелатар дар шайн болх бу аьлла дIахьедар дина Пакистанерчу тIалибаша.

Оцу наха, 60 сов стаг а вуьш, цу кеппара шиIатийн маьждиг эккхийтинера Синд провинцехь ши кIира хьалха. Хаамийн гIирсаш дийцарехь Шемара а, Иракъера а конфликт бахьана долуш дуьхь-дуьхьал лаьтташ бу Пакистанехь шиIаташ а, сунниташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG