ТIекхочийла долу линкаш

Эл-БагIдади дIалаьцна "Исламан пачхьалкх" тобано


Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа бакъдина Исламан пачхьалкх олучу тобано Иракъера Эл-БагIдади гIала дIалаьцна хилар. Пентагонан векалша дийцарехь, джихадисташа кху тIаьхьарчу масех баттахь дуьххьара дIалаьцна керла территори.

Эл-БагIдади ю Рамади гIалана гена йоцуш Iуьллуш. Ткъа цу гIалахь ю 300 гергга Iамеркан эскархо дIатарвина йолу тIеман база. Iамеркин эпсарш бу цигахь Иракъан салтий Iамош.

XS
SM
MD
LG