ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харири дагалаьцна Ливанехь


Премьер-министр хилла волу Харири Рафик вийна 10 шо кхачарна хьажийна иза дагалоцуш мероприятеш ю дIахьош Ливанехь. Харири а, кхин а 22 стаг вийра, эккхийтар а дина, цу мехкан коьртачу гIалахь Бейрутехь. Ливанан Iедалша и зулам дарна бехке йеш ю Шема-пачхьалкх. Премьер-министран дарж дитинчул тIаьхьа оппозицин коьрте хIоьттинера Харири.

Цо а, цуьнан накъосташа а доьхург дара Ливанан территори тIера Шеман эскарш арадахар. Дамаско тIе ца дуьту шен бехк бу бохург. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино леррина талламан комисси кхоьллина и зулам талла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG