ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура схьаваьлла ялх стаг лаьцна Францехь


Нохчийчура схьаваьлла 6 стаг лаьцна Францехь. Царна бехке дуьллуш ду кегийра нах Шема тIаме хьовсор. Цунах лаьцна хаам бина Le Figaro газето. Карарчу хенахь Парижехь талламан изоляртор чохь волу 6 нохчо лаьцна кху беттанан 8-чу дийнахь Алби а, Тулуза а гIаланашкахь. Хаамин гIирсаша дийцарехь, и нах чубохка мегаш бу терроран тобанашца уьйраш латторна.

Уьш берш 32-38 шераш долу кегийра нах бу. Царах виъ политикан тховкъело елла ву Францехь. Цхьахь Оьрсийчоьнан а, Францин а паспорташ долуш ву. Ткъа кхин цхьаъ ву 2009-чу шарахь Францин махкахо хилла.

XS
SM
MD
LG