ТIекхочийла долу линкаш

Донбасс тIамехь ю...машар бийцинехь а


112-за шайн эскаршна тIе герзаш тоьхна Донбассерчу сепаратисташа тIаьххьарчу 24 сахьтехь, Минскехь мукъаденошкахь хилла барт а бохош, аьлла хаамбина Украинан арахьарчу гIуллакхийн министра Климкин Павела. Артиллерин а, Град-герзан а минометийн а хIоьънаш кхийсина Луганскан а, Донецкан а тIеман дозанашкахь. Украинан инарлаша Рейтерс-агенталле бечу хаамца, 5 эскархо вийна, 25 лазийна. КIирандийнахь Киево а, Донбассерчу ницкъаша а дош деллера вовшашна шайн-шайн герзаш юхадаха. Кхо кIира ю танканаш, яккхий тоьпаш, ракеташ агIонаша юхаоза къастийна хан.

XS
SM
MD
LG