ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КопенхIагенехь террорхо вийна


КопенхIагенерчу цхьана кафе чохь шоьтадийнахь «Ислам а, Далла дуьхьал суьрташ а, дешан маршо а» цIе тиллинчу конференце баьхкинчарна герзтохар тероран талор ду, дIахьедина Данин премьер-министра Торнинг-Шмитт ХIеллес. Оцу барамна динчу тIелатаро гIаттийна кхаьчначу полицино вийна цхьа стаг, кхаа полисхочунна човхилла. Бехке хиларх шеко йолуш лаьцна 10 денна ши бусалба стаг.

Адвоката Эриксон Юула дийцира журналисташна, лецначара бехк шайна тIе ца оьцу, аьлла. Iедало Iора ца яьккхина цкъачунна тIелеташ вийначун цIе, ткъа Данин зорбане иза ву боху жихIадхо Эл-Хьусайн Iумар. Полицина хууш дара, иза исламизман хьуйоьлла стаг вуйла, хаамбо прессано. Терроран болам эккха тарлуш хиларна сема бу кху деношкахь Данин ницкъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG