ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран кеманаш ду жихIадхошна тохарш деш


Мисаран эскарийн буьйранчаша даржийна, шайн кеманаш ду «Исламан Пачхьалкх» олучу Шемарчу а, Иракъерчу а тIемалойн тобанашна тохарш деш, аьлла. Иза жихIадхоша деношкахь 21 керста мисархойн-коптийн кортош бохуш гойту видео яржорна до шаьш боху Мисаран эскархоша.

КIирандийнахь шайн пачхьалкхан телевизионехула къамелдеш президента ал-Сиси Iабдуллас дIахьедира, Мисаран бакъо ю шена динчу зенна дуьхьал бекхамбан, аьлла. ЖихIадхоша байинарш цара лачкъийнера Либе уьш балха баханчуьра. КIахIирерчу Ал-АзхIар университетерчу Iеламчаша чIагIдо, «Исламан Пачхьалкхо» иштта къиза нехан кортош бахар я цхьана а динца а, я адамаллица а ца догIу, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG