ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьший вайнехан депортаци хьехьо?


ГIезалойчоь -- Нохчийчохь хьахо а дихкина долу вайнах махкахбаьхна де дагалоцуш бу гIезалой, Kaзан, 23Чил2014
ГIезалойчоь -- Нохчийчохь хьахо а дихкина долу вайнах махкахбаьхна де дагалоцуш бу гIезалой, Kaзан, 23Чил2014

Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш Сталинан Iедало махках а даьхна, Юккъерчу Азе хьажийна де ду тIекхочуш. Оцу Чиллан-беттан 23-чу денна «Къоман бохаман де», тIаьхьо «Къам МеттахIоттаран де» цIетиллира Нохчийчоьнан Iедало Дудаев ДжовхIар коьртехь волуш. Ткъа тахана нохчийн махкахь и де шуьрра дийцаредар а ду кхераме.

Цуьнца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шу реза дуй вайнехан депортаци йийцъян, Чиллан-беттан 23-чохь иза хьеха а ца ян? Оьший-те 70 шо хьалха лелларг, иза мел бохаме хиллехь а, дагалеца?

Хаттарца доьзна шайна хетачух лаций телефон тоха тхоьга: +420724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.


СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: +420724019832

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com

XS
SM
MD
LG