ТIекхочийла долу линкаш

Путин шаьш долчу варна резабац венграш


Яхначу аьхка цакхетамаш совбелчхьана дуьйна схьа дуьххьара вахана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Европе. Венгрехь шина агIонан дийцаршкахь вара иза Будапештехь.

Кремлан да махка витар ца тайначу эзарнийн венгрийн протесташ яра шахьарахь. Гуламхоша «путинизаци» ма яржае Венгрехь бохура шайн премьер-министре Орбан Викторе. Венгрин лидеро хьалха а дIахьединера, шайна кIеда политика лело оьшу оьрсашца, цаьргара газ ца эцча ца йолу, аьлла. Тергамхошна хетарехь, Путин Орбанехула яйъян гIерта Украинаца лелае харцо бахьанехь Европано Оьрсийчоьнна кхайкхае санкцеш.

XS
SM
MD
LG