ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нахана ца оьшу электростанци елла нохчашна


Оьрсийчоьнан министрийн кабинето Нохчийчохь ян сацамбина юьхьанца Сочерчу Олимпиадана кхачош, Кудепстахь ян лерина хилла йовхойоккху электростанци. И хаам бина «Газпромэнергохолдинг» компанино. Цунах лаьцна хаам а баржийна Медведев Дмитрийн гоно. Цхьа энергоблок йина яккха еза кхин а кхо шо даьлча, оццу 2018 шарахь болхбан йолалур ю шолгIа блок а. 180 мегаватт хир ю станцино лунйолу ток. Ткъа Кудепстахь бахархоша бехха гуламаш латтийра и станци шайна хьашт яц, цо экологи талхор ю, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG