ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дебальцево йоьжна


Украинан президентан Порошенко Петрон омрица пачхьалкхан эскарша йитина сепаратисташна а, цаьрца шайна дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчуьрчу тIемалошна а стратегехь вуно мехала хилла Дебальцево-гIала.

«80 процент тхан дакъош арадевлла ала тарло, дисинарш а девр ду гонера мукъа», элира хаамбеш Порошенкос.

ТIом сацо бина барт белахь а, лаьттира ницкъала летарш Дебальцевохь а, гонаха а. И гIала караерзаро Луганскерчу а, Донецкерчу а сепаратисташна таро ло цхьаьнакхета. «Ган а гуш, барт бохорна» Донбассера сепаратисташ бехкебина ЕвроБертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхочо Могерини Федерикас.

Ткъа оьрсийн дипломатин дас Лавров Сергейс дерриг а дика ду боху, цхьа Дебальцево ца йийцичхьана. Кремлца Донбассера хьал дийцаредина зIенан конфоренцехула Украинан, Германин, Францин лидерша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG