ТIекхочийла долу линкаш

45 стаг вагийна "Исламан Пачхьалкхо"


Иркъан малхбалерчу Ал-БагIдади гIалахь 45 стаг вагийна «Исламан Пачхьалкх» шех олучу тIеман тобано, хаамбина меттигерчу полицин буьйранчас ал-Iубейди Къасима. Бахьана шена ца хаьа, ткъа цхьаберш байинчех пачхьалкхан ницкъашкара бара, боху цо. Мехкан Кхерамзаллера белхахой, церан доьзалш хIаллакбо жихIадхоша, бохуш, орца доьхуш вара полицин векал Иракъан Iедале а, дуьненанюкъарчу хьукматашка а.

Дахначу кIиранах ал-Асад Iайн олучу ал-БагIдадина гергарчу тIеман кеманийн базанна тIелетира «Исламан Пачхьалкхан». Iедалан ницкъийн аьтто белира дуьхьаллатта, 8 жихIадхо а вуьйш.

XS
SM
MD
LG