ТIекхочийла долу линкаш

Рейтинг йоьжна оьрсийн экономикан


Дуьненаюкъарчу рейтинган агенталло (Moody’s) лахара ю аьлла къастийна Оьрсийчоьнан кредитан рейтинг. Москох охьаяьккхина БА-1 олучу негативан тIегIантIе. Бахьана ду, оцу агенталло билгалдаккхарехь, Украинерчу кризисна Кремло тIекарло яр а, мехкдаьттан мах байбалар, сом гIелдалар, оцу хьелаша Оьрсийчоьнан экомомикана эшамбеш хилар. ТIедогIучу беттанашкахь Оьрсийчоьнан финансийн таронаш кхин а лагIлур ю, аьлла ю Moody’s ен прозноз.

XS
SM
MD
LG