ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тезетан де кхайкхийна Харковехь


«Сий лардаран маршехь» эккхийтар дар бахьана долуш кхин цхьа стаг а велла Харковерчу госпиталехь. Иза ву 15 шо кхаьчна кхиазхо. Цу кепара, верриг и зулам а дина вийнарг ву 3 стаг. Тайп-тайпана чевнаш йина ву 11 стаг. Оршот де тезетан де кхайкхийна Харковехь. Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, бомба эккхийтина зуламхоша геннара.

Прокуратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина терроран тIелатар дар аьлла. Харкован милицино лаьцна «Харковера партизанаш» олучу тобанан 4 декъашхо. Цара дина хила мегаш ду и эккхийтар. Хьалха цу тобанан жигархоша масийттоза тIелатар динера «Евромайданан» агIончашна. Масала, цу партизанаша эккхийтар динера Дечкен-беттан 19-чу дийнахь Харковерчу Москох кIоштан суьданна хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG