ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь набахтехь велла Назарбаевн хилла нуц Алиев Рахат


Австрехь набахтехь велла Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан нуц хилла волу Алиев Рахат. Австрин кхелан зорбанан секретаро бинчу хаамца, Алиев ирхъоллавелла. Цу стагехь яра Казахстанан президентан йоккхах йолу йоI Назарбаева Дариге. Иза вара Казахстанан Австрехь волу векал.

2008-чу шарахь Казахстанан Iедалша бехке винера Алиев Рахат Iедал карчо гIортарна. Цунна ханна кхайкхийнера 40 шо набахтехь даккха. 2011-чу шарахь Австрера суд реза цахилира иза Казахстанан Iедалшка дIавала. Алиев Рахат критика еш вара Казахстанан президенто лелочу политикана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG