ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегийрхой юха а эскаре буьгур бу Литвахь


Литван Iедалша сацам бина эскаре кегийра нах бигар юха а дIадоло. Цунах лаьцна хаам бина цу мехкан президенто Грибаускайте Даляс. Журналисташна хьалха йист хуьлуш, цо хаам бира массо а 18 шаре бевлла болу кегийрахой арме буьгур бу, гергарчу пхеа шарахь аьлла.

Пачхьалкхан кхерамазаллин кхеташонна хетарехь, хIора шарахь, 9 баттана леринчу Iаморашка кхойкхур бу 3 эзар ах эзар гергга кегийра нах. Литван Iедалша бинчу хаамца, и планаш йоьзна ю Оьрсийчоьнера схьаболучу кхерамца. Эскаре кегийра нах бигар дитинера Литвахь 2008-чу шарахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG