ТIекхочийла долу линкаш

"Товсолта ломара дIавоьду" юха-юха а... Стенна?


Нохчийчоь --Веданан лаьмнашкахь, 20Чил2015

Нохчийчоь --Веданан лаьмнашкахь, 20Чил2015

Оьрсийчохь лаккхара ю чоьхьара миграци. Аьлча а, ярташкара гIаланашка баха а, белхаш бан а дIагулло дукхахболу бахархой. И тайпа сурт чIагIлуш ду Къилбаседа Кавказехь а, ша аьлча, Нохчийчохь а. Бахьанаш? ТIаьхьалонаш?

Иттаннаш шераш ду доза а доцуш баьржинчу оьрсийн мехкашкахь урбанизаци чIагIъеш, яьрташкара нах мегаполисашка дIагулбала боьлла. Иттаннаш эзарнашкахь доьдайна Оьрсийчохь шаьш кхиочу ялтанашца кхобуш хиллачу яртийн, кIотарийн.

Тахана ду изза сурт. Уггаре а кIезиг адам гIаланашка дIагIерта мохк бу боху статисташа Алтай. Уггаре а яртех мукъаевлларш - Генара Малхбале, Сибрех.

Къилбаседа Кавказан а ду шен кегийчу яртех мукъаяларан бахьанаш. АхбIе шо хьалха хиллачул ах а дац тахана цигарчу яртийн терахь. Массарел дукха урбанизацин хьу йоьллачех лору тергамчаша Нохчийчоь а, Дагестан а.

Нохчийчоьнах шех аьлча, кхузаманан кегийрхошна хезна а йоцуш, доьза яйна махкахь дуккха а дукха кIотарш, эвланаш. Ломахь хьовха, шерачу аренийн кIошташкахь а, цхьайолучех херцарш а ца йисина.

ХIора а замано шен-шен бух буьллуш хилла. Сулаев Мохьмадан «Товсалта ломара дIавоьду» романан цIаро ма-хьеххара, хаттар даима а лаьтта лаьмнаш адамех дассадалар дагах кхетачун коьртехь: хIунда, муха мега дайн кхерчаш шелбалийта, овкъарла берзо?

Уггаре хьалха Соьлж-ГIала, тIаккха Гуьмсе, цул тIаьхьа Устрада-ГIала ю ломара а, шерачу аренашкара а бахархой чуоьцурш.

Соьлж-ГIалахь беха вайн къамелхой мехкан маьI-маьIIера бу. Цара довзуьйту таханалерчу чоьхьарчу миграцин бахьанаш.

Вахас а, Ризвана а иштта кхетадо Соьлж-ГIала адам доссар.

Ваха: "Жима волуш гIайгIанаш берийнаш хуьлу. Воккха хилча зуда яло еза, я маре яха еза. Дика-воне лела веза. Цу доллучунна а ахча оьшу. Иза даккха меттигаш ярташкахь янне а яц. Цундела гIаланашка баха буьссу кегийнаш, деккъа дIа белхан дуьхьа"

Ризван: "Кегийчарна дан хIума ца карадо ярташкахь. СадаIа-сакъера меттигаш яц. ГIалахь и дерриг а карадо цхьа болх-бахьана нисбелча, цундела охьабовлу ярташкара кегийнаш".

Ша, ша саннарш а ломан юьртара стенна веана ваха Соьлж-ГIала Iисас иштта дийцира.

Iиса: "Хьалха колхозаш, совхозаш яра. ХIинца царех цхьаьннийн долара госхозаш хилла. Болх-некъ бац. Дахаран хьелаш дац. Юьрт басаяьлла кегийчарна. Дукхахдерг оцо ГIаланашка кхачабо кегийнаш. Ткъа баккхийнчийн доьзалшна лаха а деза, уьш балха богIу кхуза".

ХIара Лом-Iела ву. Цунна хетарехь, урбанизацин букъ-агIо а яц башха тайна а.

Лом-Iела: "Къинхьегамах къаьхкина деха тахана адам, къаьсттина кегийрхой. Къинхьегамехь рицкъа лаха лерина нах кIезиг бу. Ткъа юьртахь яц ур-аттала интернет а. Ткъа иза йоцу дахар тахана бодане ду. ГIалахь мелла а карадо дан хIума. Цундела а буьйлу нах лаьмнашкара охьа, шерачу ярташкара а цундела богIу".

Юьйцург-м яц Нохчийчоьнан чоьхьара миграци, урбанизаци бен. Ткъа махкахбуьйлу нах, цкъа а юха ца бахка Европе, Iамеркан континенте, Малхбале дIаоьхурш? И тайпа миграци а ю лаккхара. Бахьанаш а ду дийцина ца валлал дукха.

Ткъа шех, уггаре дукха адам тIеоьцучу Соьлж-ГIалин хатI а ду цу адамаша хуьйцуш. Хьалха дуьйна бухахь ваьхначу гIалин вахархочун амаллий, ярташкара тIевеънарггий вац цхьабосса. Иштта хийцало мехкан шахьаран юкъара хатI а. Ткъа гIеллуш, южуш, адамех чардлуш ю нохчийн юьрт-м, цуьнца цхьаьна къоман хатI а...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG