ТIекхочийла долу линкаш

Amnesty International: Адамийн бакъонаш кхерамехь ю Советан пачхьалкх хиллачу республикашкахь


Адамийн бакъонаш кхерамехь ю Советан пачхьалкх хиллачу республткашкахь аьлла дIахьедар дина Amnesty International организацино. Цу дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшатохаралло Кхаарин дийнахь зорбане даьккхинчу дIахаийтарехь аьлла ду 2014-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалш чIагIдира бахархойн юкъараллан садукъа гIортар аьлла. Цара Iаткъам бора зорбанан гIирсашна, бех йора Iедалех йоьзна йоцу организацеш, уьш кхечу пачхьалкхийн агенташ ю бохуш.

Оьрсийчоьнан Iедалша бахьана а доцуш набахташка чубухкуш бара юкъараллан жигархой. Amnesty International организацино бигладаккхарца, чолхе хьал лаьтташ ду Къилбаседа Кавказехь. Цигахь шуьйра йохош ю адамийн бакъонаш. Бехке бечу нехан аьтто бацара кхелашкахь шайн бакъонаш ларъян аьлла ду Amnesty International организацино динчу дIахаитарна тIехь.

XS
SM
MD
LG