ТIекхочийла долу линкаш

Хенал хьалха президентан харжамаш хир бу Казахстанехь


Казахстанехь хенал хьалха президентан харжамаш хир бу Охан-беттан 26-чу дийнахь. Цуьнах лаьцна указ арахецна цу мехкан президенто Назарбаев Нурсултана.

Кху беттан 14-чу дийнахь Казахстанан къаьмнийн ассамблеяно дIахьедар динера кху дуьнентIехь хIоьттина хьал тидаме а эцна, Назарбаевна керла тешаман мандат дала деза аьлла. Советан пачхьалкх йоьхначхьана Казахстанна куьйгалла деш волчу Назарбаевн президентан даржехь йоккху хан чекхйолуш ю 2016-чу шарахь.

Казахстанан Конституцица а догIуш цхьа стага президентан дарж дIалаца мегаш ду шозза. Имма и биллам хьакхалуш бац цу пехкан хьалхарчу куьйгалхочуьнах. Казахстанан Конституцин суьдо хьалхо сацам бира хенал хьалха президентан харжамаш дIабахьа цхьа а дуьхьало яц аьлла.

XS
SM
MD
LG