ТIекхочийла долу линкаш

Сепаратисташ тIелетарш деш бу Украинин эскаршна


Сепаратисташа герзаш деттар дац аьлла Минскехь бина барт юха а бохийна аьлла дIахьедар дина Украинин эскаран векалша. Цара дийцарехь, Кхаарин буса сепаратисташа яккхийн тоьпаш йиттина Попасная цIе йолчу эвла.

Цул сов уьш гIоьртина Мариуполана гена йоцуш йолу Украинин эскархойн позицеш дIалаца. Кху беттан 12-чу дийнахь Францин а, Германин а куьйгалхоша юкъарло а лелош барт бинера Украинин малхбалехь тIом беш йолчу шина агIоно даккхийн герзаш а, еза тIеман техника а юхайоккхур ю аьлла.

Амма иза кхочуш дойла дац шайн бах Украинин эскаран векалша сепаратисташ тIелеташ а болуш. Украинин тIеман векло Лысенко Андрейс дийцарехь, деза герзаш юхадахар хьовха, герзаш деттар сацош йолу Минскехь бинчу бертан хьалхара пункт а кхочуш ца йина сепаратисташа.

XS
SM
MD
LG