ТIекхочийла долу линкаш

Шема тIаме ваха дагахь хилла ши стаг лаьцна Iамеркахоша


Iамеркин Iедалан векалша хаам бина Исламан пачхьалкх олучу тобанна гIо дан дагахь хилла Юккъерчу Азера ши вахархо лаьцна шаьш аьлла. Царах цхьаъ ву 24 шо долу Узбекестанера Юрабоев Абдурасул. Важа ву 19 шо долу Казастанера Сайдахметов Ахрор. И шиъ дагахь хилла Туркойн пачхьалкхехула «Исламан пачхьалкх» тобанна юкъахь тIом бан ваха араваьлла.

Iамеркан Юстицин министраллана хетарехь Юрабоев терроран тIелатар дан кечлуш хилла, Исламан пачхьалкх тобанан куьйгалхочша омра делча. Ткъа Сайдахметов дагахь хилла эккхийтар дан, нагахь Шема дIаваха аьтто цабалахь. Нагахь церан бехк карабахь царна хенаш тоха мега хIоранна 15 шаре кхаччалц.

XS
SM
MD
LG